
Бахархоша дола деш доцу латтанаш Соьлжа-ГӀалин мэрин доладахаран болх дӀахьур бу.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Шеца цхьаьна Соьлжа-ГӀалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад а волуш, гӀалин цхьамогӀа урамашкара хьал теллина цо.
«Бахархоша дола ца дечу латтанаша гӀалин куц-кеп талхийна Ӏаш дац — вай мел дукха бехкаш дахарх а, йа уьш цӀан а ца деш, йа царна дола а ца деш ткъолгӀа шо ду», — хаийтина Кадыров Рамзана.
Цо тӀе тидам ма-бахийттара, и латтанаш Соьлжа-ГӀалин мэрин дола а дохур ду, цӀан а дийр ду, иштта, царах пайда а оьцур бу.
ТӀаккха уьш инвесторшна а бегӀийла хир ду.
Цул сов, Соьлжа-ГӀалахь белхеш дӀабахьаран болх жигарбаккхар а тӀедиллина республикин Мехк-Дас.