
Къоман гвардин Къилбаседе-Кавказан округан кадечу Ӏалашонийн 96-чу полкан бӀаьхой тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца бахана.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, полкан бӀаьхой 6-гӀа бахана нислуш бу цига хӀинца.
Ша и полк а, цуьнан бӀаьхой а, царна куьйгалла деш волу буьйранча Тушаев Мохьмад а хастийна Нохчийн Республикин Мехк-Дас.