
Ставрополан махкарчу Железноводскехь дӀайаьхьначу Шахматийн йерригроссин турнирехь толам баьккхина нохчийн шахматхоша.
Гроссмейстеран, Россин чемпионан Ластин Александран иэсана леринчу оцу турнирехь дакъалоцуш 88 стаг вара — Къилбаседе-Кавказан ФО-н субъектийн, ГӀобанан, ГӀалмакхойчоьнан, Москван а, Новособирскан а областийн векалш.
Нохчийчоьнан цӀарах 3 векал вара: Саидов Билухьаьж, Яндарбиев Руслан, Дежурко Аркадий.
Саидов Билухьаьжа, 9-нах 8 очко а йоккхуш, 1-ра меттиг йаьккхина цигахь.
Дежурко Аркадийс, 9-нах 7 очко а йоккхуш, 5-гӀа меттиг йаьккхина.
Ветеранашлахь ловзучу Яндарбиев Руслана 1-ра меттиг йаьккхина.