
Россин Федерацин гӀаролан министерствона йукъайогӀуш йолчу Шайх Мансуран цӀарахчу батальонна лерина туш схьайиллина Гуьмсехь.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана Кавказан бакъволчу баьччин цӀарах батальон республикехь хилар доккха дозалла хиларна тӀе тидам бахийтина.
Цул сов, гӀаролан министерствон структурехь уггар хьокъала долуш а, эвсаре йолчу а батальонех цхьаъ иза а хирг хиларх ша тешаш хилар а хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Йуьйцучу Ӏалашонашка кхача оьшуш мел долу хьелаш кхоьллина ду: туш а, герз а, барзакъ а, техника а йолуш йу.
Керлачу батальонна куьйгалла деш Геремеев Руслан хир ву.