
Белхан гӀуллакхца Нохчийчохь хиллачу Россин Федерацин серлонан министра Кравцов Сергейс Кадыров Рамзанна йовзийтина йухаарахецна историн Ӏамат — 10-чу классана лерина йу иза.
Дийнна халкъашна тӀехь лаьттинчу Сталинан Ӏазапаллица доьзна кхачамбацарш а, харц-хаамаш а дӀабаьхьна цунна тӀера.
«Доцца аьлча, нийсо йу тоьлларг!», — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Telegram чуьрчу шен каналехь.
Цул сов, 10-чу классана леринчу историн Ӏамата тӀехь бинчу хийцамашца соцур йолуш йац федерацин Серлонан министерство — лакхахь хьахийнчу темица боьзна хийцамаш 11-чу классана леринчу историн Ӏамата тӀехь а бийр бу.