Россехь а тоьлла ю вайн почтин зIе

Почта

Москвана а, Архангельскана а юккъехь Петр Хьалхарчун Омрица Россехь дуьххьарлера почтин чоьхьара зIе йиллина 300 шо кхочуш, 1994-чу шарахь чIагIдина хIорашеран 12-чу июнехь Россин почтин де билгалдаккхар. Россин почтин историн эзар шо сов хан ю – цуьнан баххаш IX-чу бIешеран чаккхенехь долалуш ду. XV-XVI-чуй бIешерашкахь Россин мохк мел бу почтин станцеш ехкира. XIX-чу бIешарахь дуьххьарлера почтин маркаш а юкъаевлира кхузахь. 1874-чу шарахь Дерригдуьненан почтин союз тIечIагIйинчу 22 махкана юкъахь яра Росси.

«Россин почта» ФГУП 2002-чу шеран 5-чу сентябрехь кхоллаелла. Тахана «Россин почта» РФ-н стратегически предприятешна юкъайогIуш йолу почтин федеральни оператор ю. Махкахь уггаре а дукха филиалаш йолу учреждени ю иза: 42 эзар почтин отделени. Цул сов, махкахь уггаре а яккхийчарех ю почтин системин къинхьегаман коллектив а – 300 эзар сов белхахо. ХIора шарахь 2,5 миллиард сов кехат а, 140 миллион гергга посылка а, иштта 20 миллион язбеллачарна 1 миллиард сов зорбанан изданеш а дIасайохьуьйту Россин почто. 3,5 триллион сом ахча чекхдолу хIора шарахь вайн мехкан почтехула (пенсеш,  дIасадохьуьйту ахчанаш).

Ерриге а Россехь «Россин почта» ФГУП-н 86 филиал ю. Царех цхьаъ ю Нохчийн Республикин почтин зIенан федеральни урхалла. Цу юкъайогIу республикин тайп-тайпанчу шахьаршкахь, ярташкахь йолу 250 почтин отделени. Оцу отделенешкахь болх беш 1023 стаг ву, царех коьрта болх беш – 853. 18 шарера 40 шаре кхаччалц хан йолуш 500 белхахо ву, биснарш – 40 шарал тIехбевлларш. Почта  зударийн болх ларалуш хиларе терра, 1023 белхахочух 762 зуда ю. Къоначу белхахошна лерина дешаран класс ю почтин урхаллехь (хIунда аьлча почтин белхахой Iамош дешаран учреждени яц вайн республикехь). Цу чохь къоначарна почтин белхахочун говзалла а, мел оьшу техника а Iамайо кхаа баттахь. Цул тIаьхьа экзаменех чекх а бовлий, балха схьаоьцу кегийрхой. Нохчийн Республикин почтин зIенан федеральни урхаллин директора Хасуева Зинас билгал ма-даккхара, почтин белхахо уггаре а хьалха хьекъале а, гIиллакх долуш а хила веза. Ма-дарра аьлча, шайн хьаштахойх дузуш ду почтин белхахойн алапа а, ахчанца долу кхидолу гIуллакхаш а. ХIунда аьлча пачхьалкхан предприяти елахь а, пачхьалкхан бюджетах юзуш а яц почта, коммерчески организаци ларалуш а ю.

ТIом дIабаьллачул тIаьхьа, 2000-чу шарахь болх дIаболийна Россин почто вайн республикехь. ХIетахь дуьйна Iалашонан федеральни программица догIуш 121 керла почтин отделени йина кхузахь. Алсамдевлла почто кхочушдеш долу бахархойн хьашташ а. Дукхахболчарна хета вайн заманахь почтин хьаштех кIезиг пайдаоьцу, яздина кехаташ почтехула дIаса муххале а ца дохьуьйту аьлла. Хасуева Зинас дийцира тхуна иза данне а бакъ цахиларх лаьцна. Масала, 2014-чу шарахь 1 миллион гергга (наха шаьш яздина) кехаташ дIадахьийтина вайн республикин почтехула. Кхин 20 эзар – заказан кехаташ а. Ткъа Россин кхечу регионашкара Нохчийчу схьадеанарг 1 миллион 520 эзар (наха яздина) кехат ду. Иштта 1 миллион 300 эзар заказан кехат а ду кхечанхьара вай долчу схьатесна. ХIора шарахь 25 эзар гергга посылка дIайохьуьйту Нохчийчуьра, 150 эзар гергга кхуза схьа а йоуьйту.

Хасуева Зина Нохчийчохь почтин зIенан урхаллин директор йолу  пхоьалгIа шо ду. ХIетахь дуьйна белхан план кхочушъярехь ерриге а  Россехь  хьалхарчу меттехь ю вайн республика. Цу хьокъехь РФ-н зIенан министерствос делла тайп-тайпана совгIаташ а ду З.Хасуеван. Цу юкъахь ю Россин зIенан белхахочун профкоман сийлаллин билгало а, «ЗIенан говзанча» сийлаллин мидал а, дипломаш, грамоташ, кхиерш а. Бахархошна а, почтин белхахошна а лерина «Россин почта» соцсеть ю кхоьллина. Цу чу а ваьлла (интернетехула) Россин почтин муьлххачу отделенина арздан йиш ю хьеннан а. Нохчийн Республика йоцург, почтин балхана арзнаш доцуш, хьаштахой резаболуш Россехь кхин цхьа а регион яц (иза го лакхахь йийцина соцсеть чу ваьлча). Цунна бахьана ду вайн республикерчу почтин отделенешкахь муьлхха а кхачамбацар, проблема я хьаштахочунна хилла цатам сихонца дIабоккхуш,  хилар. Тоьлла ду вайн республикехь зорбанан изданешка язбалар а. Цу хьокъехь Москвара даийтина «Лидер подписки – 2015» аьлла совгIат а ду Нохчийчоьнан почтин зIенан урхаллехь. Масала, 2015-чу шеран хьалхарчу эхашарахь 140 эзар газет а, журнал а яздина республикин бахархоша. Царех 6406 газет, журнал меттигерчу зорбанан изданех ду.

Вайн республикин почтин отделенийн белхахоша дика болх барна тоьшалла до тIаьхьарчу шерашкахь белхан декхарш кхочушдарехь берриге а гайтамашкахула хьалхарчу меттехь вайн почта хиларо. Белхахойн къахьегар почтин куьйгаллин тидамза ца дуьсу цкъа а. ХIора шарахь почтин тоьллачу белхахошна совгIаташ а деш, даздарш дIахьо июль беттан шолгIачу кIирандийнахь. Кху шарахь Россин зIенан министерствон а, «Россин почтин» а, кхидолу а деза совгIаташ лур ду Нохчийчуьрчу  почтин 58 белхахочунна. Царех 2 стагана «ЗIенан говзанча» мидалш лур ю. И совгIаташ дIадалар даздаран хьолехь дIахьур ду кху деношкахь Нохчийн Республикин почтин зIенан федеральни урхаллехь.

 

А.МУСАЕВА

Авторан суьрта тIехь: Нохчийн Республикин почтин зIенан федеральни урхаллин директор Хасуева Зина

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: