Керла 36 микроавтобус йелла Нохчийчуьрчу ишколийн хьашташна

Нохчийчуьрчу ишколийн хьашташна кхин а 36 микроавтобус йелла.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, пачхьалкхан программин гурашкахь эцна транспорт йу иза.

Цул сов, ишколашна и машенаш дӀайаларехь дакъа а лоцуш, вайн махкахь Россин Федерацин серлонан министр Кравцов Сергей хилла хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Билгалдоккху иштта транспорт карара шо долалуш а эцна хилар — хӀетахь эцнарг 84 машен йара, шайн могӀарехь микроавтобусаш а, автобусаш а йолуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: