ФКхГӀ-н Нохчийн Республикехь йолчу Урхаллехь хьаькамалла деш Кечкин Дмитрий хир ву

Федеральни кхерамзаллин гӀуллакхаллин (ФКхГӀ) Нохчийн Республикехь йолчу Урхаллехь хьаькамалла деш Кечкин Дмитрий хир ву.

Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна вовзийтина иза тахана ФКхГӀ-н инарла-лейтенанта Сапунков Сергейс.

Циггахь дийцаре дина кхерамзалла латторца доьзна гӀуллакхаш а.

Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, Кечкин Дмитрийна а, цо куьйгалла дечу урхаллина а оьшуш долу гӀо-накъосталла дан кийча ду республикин Ӏедал.

Иштта, хӀинццалц ФКхГӀ-н Урхаллин куьйгаллехь лаьттинчу Кочнев Игорна а баркалла аьлла Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: