«Нохчийчоьнан бераша — Палестинерчу берашна» цӀе йолу гӀоьналлин акцин болх дӀаболабелла

Махлелоран «Грозный Молл» туьшахь тахана дуьйна болх бан йолайелла «Нохчийчоьнан бераша — Палестинерчу берашна» цӀе йолу гӀоьналлин акци.

Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькама Кадырова Хадижата дӀакхайкхийна йу иза.

Оцу департаментана йукъайогӀуш йолу бӀе гергга берийн беш йу акцехь дакъалоцуш: шайн бераша кечйина а, йина а хӀуманаш йухку цара.

Ӏедалан а, Ӏилманан а, культурин а, динан а, йукъараллин а гӀуллакххоша, маьршачу бахархоша уьш иэцарца гулдина ахча Палестинерчу берийн хьашташна хьажор долуш ду.

Акцин гурашкахь нашидаш олуш бераш хилар а билгалдаккха догӀу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: