Кадыров Рамзана а дакъалаьцна «Нохчийчоьнан бераша — Палестинерчу берашна» аьллачу акцехь

Шеца цхьаьна доьзалхой а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин векалш а болуш, Кадыров Рамзана а дакъалаьцна «Нохчийчоьнан бераша — Палестинерчу берашна» аьллачу акцехь.

Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькама Кадырова Хадижата дӀакхайкхийна а йолуш, махлелоран «Грозный Молл» туьшахь дӀахьош йу иза.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, оцу гӀоьналлин акцин гурашкахь гулдина ахча Палестинерчу берийн хьашташна хьажор долуш ду.

Ша акци тахана бен дӀайолийна а йоццушехь, цигахь дакъалаьцна Ӏедалан а, Ӏилманан, динан а, дешаран а, культурин а, спортан а, кхерамзаллин а, могашалла Ӏалашйаран а, йукъараллин а гӀуллакххоша, маьршачу бахархоша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: