ГӀаззерчу палестинхойн хьашташна РОФ-о дахьийтина гуманитарин гӀо-орца дӀакхаьчна

ГӀаззерчу палестинхойн хьашташна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо гуманитарин доккха гӀо-орца (62 тонна сов) дахьийтина хӀокху деношкахь.

Россин ЧХьМ-н 2 кеманца мисархойн махкарчу «Эль-Ариш» аэропорте кхачийна и гӀо-орца.

Цигара дӀа, машенашна тӀе а дуттуш, ГӀаззин дозане кхачадо иза.

КхидӀа, циггахь кхечу машенашна тӀе а дуттуш, ГӀаззин бахархошка кхачадо.

Иштта хаам бина Россин ЧХьМ-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькама Цакаев Ӏалихана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: