
Россин Федерацин Премьер-министра Мишустин Михаила дӀайаьхьначу кадечу кхеташонехь довзийтина Йерригроссин «Муниципалитетийн тоьлла практика» къовсаман жамӀаш.
Цунна йукъадогӀучу «ГӀаланаш йаран политика, бахархойн дахарна бегӀийла хьал латтор, хӀусамийн-коммунальни бахам кхиор» декъехь 1-ра меттиг йаьккхинарг Ахьмад-Йурт йу.
Федерацин 65 субъектера 292 муниципалитет йара оцу декъехь 1-ра меттиг къовсуш.