Цхьа-ши дош…

ТIаьхьарчу цхьана кIиран чохь  «Боко Хьарам» гIеранан зуламхоша йина теракташ бахьанехь Нигерехь ши бIе сов маьрша стаг кхелхина, чевнаш хилларг а ву масех бIе стаг.

                                          ***

ТIамах бевдда Шемара дIабаханчу бахархойн барам, ООН-о динчу хьесапашца, виъ миллион стаге кхаьчна. Царах ши миллион гергга стаг Хонкарахь ву цхьа миллион сов стаг – Ливанехь.

                                          ***

Йеменехь тIемаш бар марханаш дастталц сацийна хилар чIагIдо  мехкан куьйгалло а, дуьненаюкъарчу организацеша а.

                                          ***

США, Россих мостагI а тарвина, боккхачу тIамна кечлуш йолу сурт хIутту оцу мехкан куьйгалло лелош долчун терго йича. Масех  де хьалха цигахь дIадаьхьна ядерни керла бомба зер.

                                          ***

Великобританин коьртачу шахьаран – Лондонан урамашкахь забастовка дIаяьхьира метрополитенан белхахоша. Цара лоьхура белхан алапа тIетохар а, белхан хьелаш тодар а.

                                          ***

Желтойчоьнан правительствос, кеч а йина, Еврокомиссин декъашхошка дIаелла кредиташ дIатакхарехь реформаш яран программа. КIирандийнахь Евросоюзан саммитехь дийцаре дийр ду цу хьокъехь долу гIуллакх.

                                          ***

Цюрихехь дIадаьхьира Украинера хьал дийцаре дарна лерина долу российско-Iамаркан дийцарш.

                                          ***

Украинин Iедалан эскарша стомара 50-зза гергга талхийра «тийналлин раж». Цара «Град» а, кхидолу а даккхий герзаш диттира Донецкан республикерчу гIаланашна а, ярташна а.

 

                                          ***

Уфа шахьарахь цхьаьна кхеташо дIаяьхьира БРИКС-н а, ШОС-н куьйгалхоша. Цара дийцаре дира дуьненахь кхолладелла синтеме доцу политикин а, экономикин а хьелаш.

                                          ***

Башкортостанехь Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира Чинан а, Монголин а куьйгалхошца.

                                          ***

Москвахь Россин Правительствон Председатела Д.Медведевс Эрмалойчоьнан премьер-министраца О.Абрамянца дийцаре дира экономикин зIенаш шоръяран хьокъехь долу гIуллакхаш.

                                          ***

Красноярски крайхь боккха некъан бохам хилла автобус а, микроавтобус а вовшахкхетар бахьанехь. Оцу бохамехь 11 стаг кхелхина, 12 стаг лазийна.

№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: