
Хууш ма-хиллара, Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькаман Кадырова Хадижатан дӀадолорца а догӀуш, Палестинерчу берашна гӀоьнна лерина акци дӀайаьхьна вайн махкахь — «Нохчийчоьнан бераша — Палестинерчу берашна» йара цуьнан цӀе.
Оцу беркатечу, гӀоьналлин акцин жамӀаш ша Кадырова Хадижата довзийтина.
Цо билгалдаккхарехь, гулдинарг 68 млн ₽ сов ахча а долуш, 3 эзар сов стаг ву акцехь дакъалаьцнарг.
Царна массарна даггара баркалла а олуш, и ахча Палестинерчу берийн хьашташна хьажор долуш хилар кхин цкъа а карладаьккхина Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькама.