
Югра регионерчу Лянтор гӀалахь хьалхара а, башха а маьждиг дийр ду.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, Делан и хӀусам йаран белхаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дӀахьур болуш бу.
Цул сов, и белхаш дӀабахьа оьшуш долу ахча хӀинцале а дӀакхачийна хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Маьждиг дийр долу майда а къастийна, цунна лерина проект а кечйина.
Меттигерчу бахархоша а, гӀалин Ӏедало а, регионан динан урхалло а хазахетарца тӀеэцна и хаам.