
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан кӀант Адам «Ислам-динан дуьхьа гӀуллакхдаран» I-чу тӀегӀанерчу орденца билгалваьккхина.
Республикин Мехк-Ден кхерамзалла латторан дéкъан хьаькам волчу цунна и мехала, маьӀне совгӀат Нохчийн Республикин Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас дӀаделла.
«Духовно-нравственные ценности как основа профилактики деструктивной идеологии в условиях современных вызовов» цӀе а йолуш, Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьначу Дуьненайукъарчу Ӏилманан-практикин конференцин гурашкахь дина совгӀат ду иза.