Воккхаве шен говзаллех

P1000271Нохчийн Республикин МВД-н ГИБДД-н урхаллин тоьллачу белхахойх цхьаъ ву административни законодательство кхочушдаран отделан хьаькам полицин подполковник Сургуев Сайд-Мохьмад.

Хьалха-МартантIехь 1967-чу шарахь дуьнен чу ваьлла иза. Бакъонашларъяран органашкахь болх бан лаам школехь доьшуш волуш дуьйна а бара цуьнан. Цуьнан чIогIа самукъа долура милцой чохь болчу киношка хьоьжуш, цара эшайора муьлхха харцо, шайгара доьналла, къонахалла гойтура, ткъа кIантана товра церан лелар, духар – дерриге а, иза дара коьртачу декъана Сайд-Мохьмадан бакъонашларъяран органашка балха ваха лаам кхоллабаларан бахьана.

Ша вехачу юьртахь школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа СССР-н МВД-н Ленинградерчу «60-летие ВЛКСМ» лаккхарчу политически училище деша вахара кIант. Цигахь доьшуш волуш дуьйна а КПСС партин декъашхо вара иза. 1988-чу шарахь училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа Iедало Прибалтике Латвин республике балха хьажийра Сайд-Мохьмад. Цигахь ППС-н ротин командиран политически декъехула заместителан даржехь къахьийгира советан пачхьалкх йоххалц. 1991-чу шарахь Даймахка вирзира. Вайна массарна а хууш дара Нохчийчохь хIетахь хилла долу хьал. Кхин пачхьалкхан балха ца гIерташ, тайп-тайпана белхаш беш иттех шо даьккхира. 2001-чу шарахь Нохчийн Республикин МВД-н ГИБДД-н урхалле веара Сайд-Мохьмад, цигахь ДПС-н 2-чу ротин командиран заместитель волуш, административни законодательство кхочушдаран лаккхарчу тобанан белхахо волуш, некъийн боламан кхерамзаллин пропагандин отделехь а белхаш бира. Кхузхь болх беш а волуш 2004-чу шарахь заочно чекхъяьккхира Махачкалара юридически институт. Карарчу шарахь административни кхочушдаран отделан хьаькаман дарже хIоттийна.

Кхаа доьзалхочун да ву Сайд-Мохьмад: 1 кIанттий, 2 йоIIий ю цуьнан доьзаллехь кхуьуш.

– Балха  а, вуьшта а дика накъост, доттагI ву Сайд-Мохьмад, – боху цуьнан белхан накъоста Яндиев Зеламхас. – Иза тхуна юкъахь а билгал ву шена тIедехкина декхарш тIех дика кхочушдарца а, хьанна а шега далун гIо-накъосталла дарца.

Р.Мусипов                                          

Авторан сурт   

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: