Абдурахманов Дукхувахин цIарах урам

y_c9d5de6e

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан указца Соьлжа-ГIаларчу Пионерски урамна  Абдурахманов Дукхувахин цIе тиллина. Боккха кхаъ хилла  цунах вайн махкахошна.

Абдурахманов Дукхуваха Нохчийн Республикин Парламентан Председатель санна вевзина ца Iаш, хьекъале политик, историк, бакъволу патриот, юкъараллин гIуллакххо санна вевзаш  вара. Цул сов, иза шен халкъан  вуьззина воI а вара.

Дукхуваха цкъа а ца лаьттина  Нохчийчохь хуьлуш долчу хIуманашна юьстаха.  Иза гуттар а вара харцонна дуьхьал къийсам латтош, нохчийн халкъ паргIат дахийтарехьа а, республика кхиорехьа а гIуллакхаш деш. Ша кхеттал хилачахьана нийсонан некъа тIехь вара иза.

60 шаре а ца велира Абдурахманов Дукхуваха. 2-3 шо хьалха кхеттачу халачу лазаро хадийра цуьнан дахар. Халкъан дуьхьа дуккха а гIуллакхаш дан а, йоккха лар йита а кхиира иза.

Абдурахманов Дукхуваха вина 1956-чу шеран 14-чу мартехь Караганда гIалахь. 1974-чу шарахь цо чекхъяьккхира  Гуьмсан районерчу Жалкхера юккъера школа. Цул тIаьхьа  цо Монголехь эскарехь гIуллакх дира. Цигара цIавирзича  Дукхуваха  деша вахара Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете. Цо чекхъяьккхира историн а, экономикин а факультеташ.

Дукхуваха экономикин Iилманийн кандидат вара.

Вайн махкахь дика вевзина ца Iаш, иза вевзаш а, лоруш а вара республикин дозанал арахьа.

2015-чу шеран 29-чу июнехь Д.Абдурахмановн дахар хедира. Шех ала деза, доккха дош а дуьтуш дIакхелхина  волу иза даима а халкъан иэсехь вехар ву. Цуьнан хьалхара, билгало ю вайн пачхьенерчу  цхьана урамна цуьнан цIе  тиллар.

Б. ДУДАЕВА

 № 77, шот, 11 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: