ГӀой-Чохь а, Дишни-Веданахь а культурин цӀенош дина

Къоман «Культура» проектаца а догӀуш, культурин 2 цӀа дина республикехь:
➊ ГӀой-Чохь (Хьалха-Мартан кӀошт);
➋ Дишни-Веданахь (Веданан кӀошт).

Кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш а, чохь мел оьшу хьелаш кхоьллина а ду и ший а цӀа.

Уче а, сцена а, хьовсархойн зал а, библиотека а, Wi-Fi майда а, белхан а, кхидолчу хьаштийн а чоьнаш йу царна чохь.

Нохчийн Республикин культурин министра Дадаев Мусас дакъалаьцна шина а йуьртара и культурин цӀенош схьаделларехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: