Дийцаре дина меттахӀоттош йолу ГаланчӀожан кӀошт социальни-экономикин декъехь кхиор

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан дӀадолорца а догӀуш, ГаланчӀожан кӀошт меттахӀотторан белхаш бу карарчу хенахь дӀахьош.

Цуьнца цхьаьна, иза социальни-экономикин декъехь кхиоран гӀуллакхаш а ду кхочушдеш.

Царна лерина кхеташо дӀайаьхьна республикин Премьер-министра Хучиев Муслима.

Таханлерчу дийнахь бечу белхан хьокъехь аьлча, кӀоштана йукъайогӀуш хир йолчу йартийн дозанаш къасторан декъехь хьоьгуш къа ду.

Цул сов, 62,5 км некъ а тобина, 3 тӀай а тиллина.

Культурин тӀаьхьалуонан 11 объект тойарна (меттахӀотторна) а, 7 йуьрта газ йигарна (131,1 км) а, 24 трансформатор а хӀоттош, ток йигарна а тӀехь жигаралла гойтуш бу говзанчаш.

Иштта, 1,8 млрд ₽-н барамерчу инвестицийн 12 проект кхочушйан а йолор йу цигахь кеста.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: