Р.Кадыров: «Пикап» УАЗ а, «Соболь» ГАЗ а, «САДКО» ГАЗ-3308 а машенашна хийцамаш бийр бу «Чеченавтос»

«Чеченавто» заводехь хийцамаш бийр бу «Пикап» УАЗ а, «Соболь» ГАЗ а, «САДКО» ГАЗ-3308 а машенашна.

Оцу хийцамашца а догӀуш, кхидӀа и машенаш тӀеман хьашташца йогӀуш а, тӀеман хьашташна лерина а хир йу.

Telegram чуьрчу шен каналехь иштта хаам бина Кадыров Рамзана.

Шеца цхьаьна Премьер-министр Хучиев Муслим а, Промышленностан а, энергетикин а министр Хакимов Адам а волуш, Устрада-ГӀаларчу «Чеченавто» заводехь хилла республикин Мехк-Да.

Билгалбаьккхина ма-хиллара, лакхахь хьахийнчу машенашна тӀе «Корд» а, Печенег» а пулеметаш а, АГС-17 «Пламя» гранатометаш а, кхидолу герзаш а хӀиттор долуш ду.

И болх «Чеченавто» предприятехь дӀахьур бу, гӀо-накъосталла деш Н.Бауманан цӀарахлера Москван пачхьалкхан техникин университет а йолуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: