
Россин спецназан университетехь кечбеш бу Шайх Мансуран а, Бенойн БойсгӀаран а цӀарахчу батальонийн бӀаьхой.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, керлачу батальонийн бӀаьхошца къахьоьгуш тоьлла говзанчаш бу.
МостагӀца къийсам латторал сов, иза дӀатарвелла туш лаха а, БПЛА-на урхалдан а Ӏамош бу уьш.
Цул сов, Ӏаморан программехь ду артиллерин а, иччархойн а тохарш, медицинин гӀо-орца, и.д.кх.а.