Москван пачхьалкхан университетан Соьлжа-ГӀалара филиал даздаран хьолехь схьайиллина

М.Ломоносовн цӀарахчу Москван пачхьалкхан университетан Соьлжа-ГӀалара филиал даздаран хьолехь схьайиллина.

Цигахь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Рамзана, Россин вице-премьера Чернышенко Дмитрийс, Россин Президентан Къилбаседе-Кавказан ФО-хь векал волчу Чайка Юрийс, МПУ-н ректора Садовничий Виктора, кхечара.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, и филиал схьайеллар Соьлжа-ГӀалин а, Нохчийчоьнан а бахархошна доккха маьӀна долуш гӀуллакх ду.

Юриспруденцин а, менеджментан а, архитектурин а, пайдечу математикин а, информатикин а дакъошкара говзанчаш кечбийр бу цигахь.

Иштта, фармацевтикин а, биотехнологийн а, журналистикин а дáкъош а тӀекхетар ду дешаран 2024-чу шарахь дуьйна.

Филиалан хьокъехь аьлча, цунна йукъайогӀуш йу дешаран корпус а, спорткомплекс а, бассейн а, фитнес-залаш а, гуламан а, кхачанан а чоьнаш а, и.д.кх.а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: