
Палестинерчу ГӀаззин бахархошна гӀо-орца эцна доьдуш долу 3-гӀа кема а дӀадахана Соьлжа-ГӀалара.
Кема Россин ЧХьМ-с даийтинехь а, гуманитарин гӀо-орца вовшахтохархоьрнарг Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькам Кадырова Хадижат а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд а, Нохчийчоьнан бахархой а бу.
Хьалхуо Кадырова Хадижата дӀакхайкхийнчу «Нохчийчоьнан бераша — Палестинерчу берашна» акцин гурашкахь гулдинчу 129 млн сов ₽-х эцна гӀо дара иза — 30 тонна сов.
И гӀо-орца дӀаэцна вахана Нохчийн Республикин Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Шеца цхьаьна шен доьзалхой а болуш, гуманитарин гӀо-орца Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортехь кеманна тӀедоттарехь хилла иза.