Соьлжа-ГӀаларчу №12 йолчу гимназехь дийцина нохчийн маттаца а, литературица а доьзнарг

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада хӀоттийнчу планаца жигара белхаш дӀахьо «Даймохк» газетан редакцин векалша.

Царах ду муниципалитеташкахь а, тайп-тайпанчу хьукматашкахь а «Нохчийн мотт — къоман са» цхьаьнакхетарш дӀадахьар.

РогӀера цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Соьлжа-ГӀаларчу №12 йолчу гимназехь.

Цигахь дакъалаьцна оцу гимназин куьйгалло а, белхахоша а, дешархоша а.

Къоман «Даймохк» газетан культурин отделан редактора Эльдерханова Зайнапа царна дийцина нохчийн маттаца а, литературица а доьзнарг, ненан мотт Ӏаморехь, Ӏалашбарехь йукъаралло йоху гӀулчаш, йовзийтира «Даймохк» газетан а, нохчийн меттан а, нохчийн къоман а истори.

Иштта, нохчийн журналистикин а, литературин а, къоман йаздархойн а хьокъехь къамелаш а хилла цхьаьнакхетаран дакъалацархойн.

Цул сов, ламасте дирзина ма-хиллара, хаттарш а ца дитина жоьпаш доцуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: