
Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин Ведомствон доцчу хен урхаллин хьашташна керла машенаш эцна.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд йу и совгӀат динарг.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин гурашкахь а хьуьнар гайтинчу оцу Урхаллина эцнарг 15 машен йу:
➜ 10 машен — СГР УАЗ;
➜ 5 машен — «Патриот» УАЗ.
Ведомствон доцчу хен Соьлжа-ГӀаларчу дéкъан хьаькаме Данкаев Руслане машенаш дӀайаларехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамча-гӀоьнча волчу Кадыров Хьамзата а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден кхерамзалла латторан дéкъан хьаькам волчу Кадыров Адама а.