Талламехь – керла агIонаш

ХIокху тIаьхьарчу беттанашкахь уггаре а гIарадаьллачарах цхьаъ ду оппозиционер Немцов Борис верца доьзна долу гIуллакх. И бахьанехь   хаддазчу «лехамехь» бу Россин, ма-дарра аьлча, дуьненан а шуьйрачу хаамийн гIирсаш. Цхьа а тайпа бух боцуш долчу шайна хетачунна тIетийжаш кхолла гIерта тIеттIа керла «хетарш», шуьйра даржадо «бахарий, эларий». Дерриге а тIехьажийна ду цхьана Iалашонна – политик верна бехке бу нохчий. Шеконе хIиттош ю талламан органаша гIуллакхан духе кхиа гIерташ йохуш йолу хала гIулчаш. Шайна пайдехь долччу агIор туьду бехке беш болчеран адвокаташна хеташ дерг, цара гулдина бакъдерш.

Ткъа оцу гIуллакха тIехь-м гучудуьйлу чубоьхкинарш бехке цахиларна тоьшаллаш деш долу тIеттIа керла бакъдерш. Цунна кхин а цхьа тоьшалла ду хIокху деношкахь Интернетехь NEWSRU.СOM сайта тIехь зорба тоьхна дуккхаъчарах цхьаъ йолу  рогIера материал.

Оппозиционер Немцов Борис верца доьзначу гIуллакха тIехь керла хIуманаш гучудевлла, яздо сайта тIехь. Зулам динан цабезаман буха тIехь дина хиларан хьокъехь долу талламан органашна хеташ дерг нийса ца лору цара. Цул совнаха, иза верна бехке лоруш волчу Дадаев Зауран адвокаташа харц лерина органаша лохуш волчу нохчийн «Север» батальонан хилла волчу эпсаран Геремеев Русланан хIусамехь йолах гIуллакх деш хиллачо белла гайтамаш.

 

Россин Талламан комитето дуьхь-дуьхьал хIоттийра Дадаев а, теш а, хаамбо «Росбалто». Теш хIоьттинчо чIагIдора 2014-чу шеран ноябрехь ларамаза-а Дадаевца (хьалха бевзаш ца хилла уьш) цхьаьнакхеттачу хенахь кхийтира ша иза цхьа доккха зулам дан кечлуш хиларх, бохуш.

Делахь-хIета, Немцов вийна французийн сатирин Charlie Hebdo журнала тIехь карикатураш ехкинчеран цо гIолацарна, бохуш талламхошна хеташ дерг гIуллакхана  юкъара дIадолуш ду. Журналисташ, царна юкъахь Элчанан Мухьаммадан (Далера салам-маршалла хуьлда цунна) маьттаза суьрташ дехкинарш а тIехь байъира 2015-чу шеран 7-чу январехь теракт ечу хенахь.

Бакъонаш ларъяран органашкахь хьалхо хаам бора политик динан буха тIехь бекхам беш  вийна хилар талламхоша «даррехь ледара» бух болуш лоруш хиларан хьокъехь. Нохчийн «Север» батальонехь Дадаевца цхьаьна гIуллакх деш хиллачара дийцарехь, царна ца хааделлера иза динца башха тIех юкъаметтиг йолуш хилла хилар.

Хьостанаша чIагIдарехь, тешаша беллачу гайтамашца а, гулдинчу бакъдолчаьрца а доьзна чаккхенехь гIуллакхана юкъара дIадала тарло Charlie Hebdo журнала тIехь и суьрташ дехкинчеран гIо лацарна вийна Немцов бохург. Схьахетарехь, гучудер ду керла хеташ дерг (верси): зулам дина дийнна схьаэцча оппозиционеран юкъараллин-политикин гIуллакхашна зуламхой реза хилла цахиларна.

Оццу хенахь талламхошна хIинца а хууш дац, дийцарехь, Дадаевна машен, герз делла, Немцов верна ахча лур ду аьлла волу Русик мила ву. Юьхьанца иза «Север» батальонан хилла эпсар Геремеев Руслан ву аьлла хийтира. Цул тIаьхьа зулам вовшахтоьхначара Русик олура Геремеевн шоферх Мухудинов Русланах аьлла хетарг юкъадаьккхира талламхоша. Дукха хан йоццуш бакъонаш ларъяран органашкарчу хьостанаша хаам бира, схьахетарехь, Мухудинов дийна вац.

Геремеевн хIусамехь йолах гIуллакх деш хиллачу Зарема цIе йолчу зудчо хIокху деношкахь чIагIдира накъосташца цхьаьна хIусаман дас Мухудиновх Русик олуш хилла хилар. Теш хIоьттинчо иштта дийцира Дадаев Геремеевн хIусамехь хуьлуш хилла хиларх лаьцна а.

Дадаевн адвокаташа харц лерира и гайтамаш, хаам бира «Керланаш» агентствос. «Дадаевс Мухудиновн цIе йоккхура цуьнан паспорта тIехь иза дIаязйина ма-хиллара: Iабдурахьман. Юххерчу доттагIаша Мухудиновх Iаьржаниг а олура. Цхьаммо а цунах Русик олуш Дадаевна хезна дац. Тхо дуьхь-дуьхьал хIиттира оцу йолах гIуллакх деш хиллачуьнца, цо чIагIдира Дадаев Мухудиновга шен цIарца Iабдурахьман аьлла вистхуьлуш хилла хилар а, Русик олий цуьнан цIе йоккхуш  хилла цахилар а», – хаам бира адвоката Цакаев Шамсуддис.

Цо иштта дийцира Мухудиновс Геремеевн шофер волуш болх бина цахиларан хьокъехь. «Цуьнан билгалваьккхина цхьа шофер вацара, мукъа волчо а, иза дIавига аьтто болчо а дIа а вуьгура», – элира адвоката.

Зулам дарна гIо дина аьлла хеташ волчу Бахаев Хьамзатан адвоката дIахьедира лецна болчара Русик хьаннах олура бохург шена хууш цахиларан хьокъехь. «Йолах гIуллакх деш хиллачо белла гайтамаш суна бевзаш бац, амма ас ларвеш волчу Бахаевна цхьа а Русик вовза а ца вевза, иштта цIе цхьаьннан яккха а ца яьккхина», – элира Садаханов Заурбека.

Редакцера: Гуш ма-хиллара, цхьа йист яла генахь ду оцу гIуллакхан. ХIора агIонан а шена хетарг  ду цу тIехь. Цундела нийса хир дара аьлла хета новкъарло а ца еш талламан органашка а, бехке беш болчеран гIуллакх лелош болчу адвокаташка а нийсонан некъ лахийтича, «диканиг лууш болчу» шуьйрачу хаамийн цхьамогIа гIирсаш, шайн архаш жимма юха а оьзна, «шайна хетарг» гIарадаьллачу оцу гIуллакхана юкъа кхийса ца гIиртича. Нагахь арахьара беш болу Iаткъам юха а баьккхина, талламхой шайн болх бан битахь, цхьа а тайпа шеко яц вайна герггарчу хенахь билггал долуш долу бакъдерг девзарг хиларан.

 

Зорбане кечйинарг – Л.МАГОМАЕВ

№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: