
Нохчийн Республикин транспортан инфраструктурин уггар маьӀнечу проектех цхьаъ йолчу Соьлжа-ГӀалин цӀерпоштнекъан вокзалехь хилла Кадыров Рамзан.
Цигахь дӀахьош болу белхаш теллина республикин Мехк-Дас.
Цо билгал ма-даккхара, тӀедогӀучу шеран товбецан баттахь дӀабоьрзур болуш цигара белхаш.
Карарчу хенахь пенаш кечдарна а, инженерин коммуникацеш йахкарна а, гуонахара майда тойан кечамаш барна а тӀехь къахьоьгуш бу белхалой.
Цара болх дика а, эвсаре а дӀахьош хиларна тӀе тидам бахийтина Кадыров Рамзана.