ГӀаззерчу тӀамна кӀелхьарбаьхначу Россин бахархойн могӀарера 250 гергга стаг Нохчийчохь дӀатарвийр ву

ГӀаззерчу тӀамна кӀелхьарбаьхначу Россин Федерацин бахархойн могӀарера 250 гергга стаг Нохчийн Республикехь дӀатарвийр ву.

Царна билгалйаьккхина Шелан кӀоштарчу Эвтарара «Горный ключ» лагерь.

МухӀажаршца болх баран федерацин штабо а, Нохчийн Республикин куьйгалло а бина сацам бу иза.

Палестинин ГӀаззера Россин бахархой арабахарехь жигара дакъалоцуш Россин ЧХьМ-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькам Цакаев Ӏалихан ву.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: