Электромобилашка токаца зарядка эцийтаран кхин а 2 станци схьайиллина республикехь

Электромобилашка токаца зарядка эцийтаран хьалхара станци «Чеченэнергос» схьайиллира вайн республикехь. 2020-чу шарахь дара иза.

ХӀинца, цул тӀаьхьа масех шо даьлча, и болх жигарбаккха болийна — электромобилашка токаца зарядка эцийтаран кхин а 2 станци схьайиллина.

Карарчу шарахь кхитӀе а 4 станци схьайеллар ду Ӏалашонехь, церан терахь 7-нна тӀе а кхачош.

Цул сов, 2024-чу шарахь схьайоьллур йолуш кхин 16 станци а йу.

И белхаш дӀабахьарехь жигаралла гойтуш йу «Лидер» йукъаралла.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: