
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дакъалаьцна субъекташкара йукъараллин транспорт цӀинйаран гӀуллакхехь.
Видеоконференцин рожехь иза дӀадаьхьна Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
Нохчийчоь а, вайн махкара хийцамаш а билгалбехира цо шен къамелехь, и кхиамаш, коьртехь Кадыровн команда а йолуш, нохчийн халкъо баьхна хиларна тӀе тидам а бохуьйтуш.
Тайп-тайпана гӀуллакхаш кхочушдарехь вайн республикина гӀо-накъосталла латторна баркалла а олуш, халкъан къанойн цӀарах Россин Федерацин Президент Нохчийн Республике кхайкхира Кадыров Рамзана.
Иштта, оццу гӀуллакхан гурашкахь ПАЗ «Вектор Некст» олуш йолу 50 автобус а дӀайелира цо Транспортан а, зӀенан а, терахьийн кхиаран а министерствона.
Социальни маьӀнечу 37 маршрутехула дӀасалелар йу уьш.