
Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а, Гуьмсехь а «хьекъале» лорургаш хӀитторан болх дӀахьош бу «Чеченэнергос».
Оцу декъехь хӀинцале а бина болх:
➜ Соьлжа-ГӀалахь дӀахӀоттийна 26,1 эзар лорург;
➜ Устрада-ГӀалахь дӀахӀоттийна 6,9 эзар лорург;
➜ Гуьмсехь дӀахӀоттийна 17,7 эзар лорург.
Говзанчаша билгалдаккхарехь, Гуьмсехь уьш хӀитторан болх чаккхене боьрзуш бу.
Делахь а, Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а бан безаш дуккха а болх бу хӀинца а:
➜ Соьлжа-ГӀалахь дӀахӀотто йезаш 34 эзар гергга лорург йу;
➜ Устрада-ГӀалахь дӀахӀотто йезаш 5,8 эзар лорург йу.