БIаьхой биц ца бина

Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан шен резиденцехь цхьаьнакхийтира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал тIемаш беш Нохчийчохь чевнаш хиллачу бакъонашларъяран органийн белхахошца.

Резиденци веана хиллачу 113 белхахочух пхиъ шен белхан декхарш кхочушдеш  бIаьрса дIадаьлла вара. Ткъа бисинарш  дIегIаца цхьацца заь1апалла йолуш бара.

Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира тахана Нохчийн Республикехь  машар хилийтаран дуьхьа цара дукха къахьегна хилар а, шайн могашаллел а, дахарел а лакха къоман гIуллакх хIоттийна хилар а.

«Аш Нохчийчохь машар а, Россехь цхьаалла хилийтаран дуьхьа шайн дахар а, могашалла а ца кхоош къахьегна. Шух цхьаберш  бIаьрса дIадаьлла бу, вуьйш дегIан меженаш яьхна бу. Шуна тIехIоьттинарг Iаламат хала хIума ду. Амма со тешна ву шу къарделла, дахаран чам байна цахиларх. Оха а, республикин бахархоша а даггара баркалла боху шуна! Дала мукъ лахь, оха даима а гIо дийр ду чевнаш хиллачу МВД-н белхахошна а, церан доьзалшна а», – элира регионан Куьйгалхочо.

Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана Аргунехь Iаш волчу ОМОН-н белхахо хиллачу Баталов Русланна Нохчийн Республикин лаккхара совгIат – Кадыровн орден елира (Р.Баталовн шен белхан декхарш кхочушдеш голел лакхаха ший а ког дIабаьккхина). Баталов Руслана даггара баркалла элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна цу тайпана шайн терго ярна. Цо хаийтира ша шен дахарна реза хилар а, шен дахаран некъ юха боло аьтто хилча, юха а террористашна а, вахабиташна а дуьхьал тIемаш дийриг хилар а.

Иштта, цхьамогIа бIаьхошна республикин Куьйгалхочо орденшца а, мидалшца а совгIаташ дира. Цхьаьнакхетар чекхдолуш Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацина а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Алханов Русланна а тIедиллира хIора баттахь бIаьхошна хIун оьшу хьажар а, оьшуш долчуьнца гIодар а.

Билгалдаккха деза, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президента Кадырова Айманис 38 бIаьхочунна керла хIусам елла хилар, кхин шийттанна машен а елла хилар. Цул сов, оцу 50 стагана ах миллион сом а делира. Висинчу 63 бIаьхочунна миллион сом а делира.

 

А.АБДУЛАЕВ

№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: