
Нохчийн совдегарша дакъалаьцна йуьртан бахаман дуьненайукъарчу «Saudi Agriculture 2023» аьллачу гайтамехь.
Иза, кхеташ ма-хиллара, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан пачхьенехь Эр-Риядехь дӀайаьхьна.
45 мехкан векалш бара цигахь дакъалоцуш.
Вайн махкара совдегарш цига бахийтарехь накъосталла дина Нохчийн Республикерчу экспортана гӀо-накъосталла даран туьшо.
Ораматашлелоран, кхачанан сурсаташ а, кӀа а, хӀуш а, йалта а дохкаран, и.д.кх.а дакъошкахь цхьамогӀа берташ бина вайн республикерчу векалша.