
Республикерчу могашалла Ӏалашйаран хьукматашна медицинин машенаш дӀайаларехь дакъалаьцна Кадыров Рамзана.
Шеца цхьаьна Могашалла Ӏалашйаран министр Алханов Адам а волуш, Нохчийчоьнан Мехк-Дас дӀайелла 76 машен.
Царах 57 машен куьпахо-лоьрашна лерина йу, ткъа 14 машен — лоьрийн сихачу гӀоьнна лерина.
Оцу 14-ннах 4 машен УАЗ-н буха тӀехь йу, дӀасаваха хала долчу кӀошташна лерина а йолуш.
Къоман «Могашалла Ӏалашйар» проектан гурашкахь эцна машенаш йу уьш.
Цул сов, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн бӀаьхошна «Патриот» УАЗ 5 машен а, 20 дрон а эцна.
И совгӀат динарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд йу.