
Нохчийчоьнан экономикин кхерамзаллин гӀуллакхаш а, къоман «Даймохк» парк кхоллар а, иштта, 2024-2025-чуй шерашкара Ӏалашонаш а йийцаре йина Москвахь.
Цигахь цхьаьнакхетар хилла Россин Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, экологин а министран Козлов Александран а, Нохчийчоьнан Премьер-министран Хучиев Муслиман а.
Вайн республикин Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а министран декхарш кхочушдеш волу Абдулазизов Шарпуди а вара цигахь дакъалоцуш.
Хучиев Муслима вовзийтира иза Козлов Александрана.