Соьлжа-ГӀалахь йеш керла комплекс йу Нохчийн Республикин Правительствона

Нохчийн Республикин Правительствона Соьлжа-ГӀалахь йеш керла комплекс йу.

Шеца цхьаьна Соьлжа-ГӀалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад а волуш, иза йаран майданахь хилла республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан.

Telegram чуьрчу шен каналехь бина цо оцу хьокъехь хаам.

Керла комплекс 3 корпусах лаьтташ хир йу, гуонаха машенаш дӀахӀуьттийла а, маьждиг а, беркеманийн майданаш а, кхин гӀишлош а йолуш.

Иза йаран куц-кеп вайн нехан архитектурин хотӀехь хир йолуш йу, хайтеках пайда а оьцуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: