
Соьлжа-ГӀалин йукъараллин транспорта тӀехь дӀасавахаран мехаш 2024-чу шеран кхолламан беттан 1-чохь дуьйна тӀекхеташ хиларан хьокъехьчу хаамийн бух цахилар билгал а доккхуш, иза йемалдина Черхигов Рамзана.
Цул сов, йукъараллин транспортан машенаш цӀинйаран болх сацор болуш цахиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а, терахьийн кхиаран а министра.
И болх Соьлжа-ГӀалахь а, мехкан кхийолчу муниципалитеташкахь а дӀахьур болуш бу.