
Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин «АХМАТ-1» ОМОН-н а, минометийн дéкъан а бӀаьхоша тӀедуьзна шайн хаарш.
Шелковски кӀоштарчу Ӏаморан «Бурунское» туьшахь леррина Ӏамораш дӀадаьхьна цара.
Telegram чуьрчу шен каналехь иштта хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, герзаш тохарца доьзна хаарш карладохуш а, тӀедузуш а бара уьш.
И хаарш хьашто йолуш хуьлу Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин гурашкахь.
Цигахь жигара дакъалоцуш вайн республикера бӀаьхой а бу.