Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо рогIера дика гIуллакх дира бахархошна. Цара, хала бохкуш болчу, АвтаевгIеран а, ГайрбековгIеран а доьзалшна керла хIусамаш елира.
Автаев Шамхан цомгаш, меттахь висина ву. Цундела цунна шен доьзална Iуналла дан атта дац. Кхаа беран дас ша заьIапхо хиларна оьцуш долу пособи молханашна духкуш дара. Ткъа ненан пенсица хIусам лоцура. Иштта хало ловш Iийначу доьзало шайн хьал довзуьйтуш кехат яздира. Оцу кехатана Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана жоп делира. Регионан юкъараллин фондан векалша АвтаевгIеран доьзална дIагайтира церан керла хIусам. Оцу совгIато доьзалан чIогIа самукъадаьккхира. Цунах боккха кхаъ хилира цунна. Царна ца моьттура йоццачу хенахь цу тайпана шайн гIуллакх чекхдоккхур ду.
Иштта ГайрбековгIеран доьзална а боккха кхаъ хилира. Царна а керла хIусам елира. ГайрбековгIеран ворхI бер ду. Воккхах волу кIант Уммалт, лаьттах кхетарна, букъасурт лазийна ву. Иза заьIапхо ву. КIанте халла бен куьйгаш меттах ца дахало. Доьзалан ден алапа берашна кхача латто бен ца тоьара. Шаьш хала дохкуш хиларна Уммалта кехат яздира шайна гIо доьхуш. Цуьнан дехарна а жоп карийра. Кхеран доьзал керлачу хIусам чу боьлхуш уьш декъалбан баьхкира Нохчийн Республикин Правительствон а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан а векалш, иштта хьалха хилла лулахой. Керлачу хIусамехь дIадуьйшу ши чоь а, йоккха зал а, кухни а ю. Цул сов Уммалтана заьIапхочун гIудалкх а елла.
АвтаевгIеран а, ГайрбековгIеран а доьзалшна еллачу хIусамаш чохь мел оьшуш йолу хIума хилар: керла йийбар а, стол а, гIант а, и.дI.кх.
А.АДАМОВ
№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо