Ненан денца доьзна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой!
Тахана Россехь уггаре а довха, синна хьаам беш, башха дезде ду — Ненан де.

Цхьанна а къайле йац ненан дог аьхналлах, ховхаллах, къинхетамах, уггаре а цIеначу, боккхачу, чIогIачу безамах дуьзна хилар.

Ненан безамо ло вайна ницкъ, Iамадо къинхетаме хила, вовшийн лерам бан, вовшашна гечдан. Нанас кхетадо вай, новкъа доху, вайн дегнаш чу адамалла, баккхийчаьрга ларам, Даймахке безам буьллу, ир-карахIиттадо хьуьнаршна, гIо до дахарехь дIанисдала.

Ас къаьсттина дозалла до нохчийн нанойх. Вайн историн тайп-тайпанчу муьрашкахь вуно халачу, даккхийчу зерех чекхбовла дезна церан. Амма, цуьнга хьаьжна ца Iаш, церан ницкъ кхаьчна бакъболу къонахий, шайн Даймехкан бакъболу кIентий кхион.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь а, иштта, бIешерийн зилехь терроризмаца къийсам дIахьош а эгначеран цIераш дашочу элпашца дIайазйина йу Нохийчоьнан историн турпалаллин тептара тIехь.

Вайн зударша баккхий баланаш лайна, царна баккхий эшамаш хилла. Делахь а, цара сийлаллица лайна уьш, шайн сий лардеш, Везачу АллахIах тешар, ийман чIагIдеш.

Тахана вайн Даймехкан бакъболу кIентий, шайн хьомсарчу нанойн пурбанца, Россин эскарийн хьалхарчу могIаршкахь бу Украинехь тIеман леррина операци дIайахьарехь. Шайн уггаре а мехалниг цара Даймахках тешна дитина. Ткъа иза массара а сий-ларам бан хьакъ ду.

Ас даггара декъалйо сан дахарехь уггаре а коьрта йолу сайн хьомсара НАНА, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу йукъараллин фондан президент Кадырова Аймани а, иштта, вайн Даймахкара берриге а наной хIокху исбаьхьачу денца!

Лаьа церан дегнаш ирсах, гергарчаьрга болчу безамах дуьзна хуьлийла, ткъа хIусамашкахь — йовхо, токхо, берийн делар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: