
2024-чу шарахь 49 некъ тобийр бу Соьлжа-ГӀалахь.
47,4 км йохалла йолчу оцу некъашкара белхаш къоман проектан гурашкахь дӀахьур болуш бу.
Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерствос бина иштта хаам.
Билгалдаьккхина ма-хиллара, пачхьенан 4 кӀоштахь иштта дӀатарлур ду сурт:
➜ Ахьмадан кӀошт — 7 некъ;
➜ БойсгӀаран кӀошт — 13 некъ;
➜ Висаитовн кӀошт — 14 некъ;
➜ Шайх Мансуран кӀошт — 15 некъ.