
ГӀаззерчу тӀамна кӀелхьарбаьхначу Россин Федерацин бахархойн могӀарера 51 стаг схьакхаьчна Нохчийн Республике. 27 бер а ду цаьрца.
Соьлжа-Гlалин вокзалехь уьш тlелоцуш вара Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, Соьлжа-Гlалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан белхахой а.
Дудаев Ахьмада билгал ма-даккхара, ГӀаззин бахархой Нохчийчохь тӀелацар Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен лерринчу тергонехь латтош ду.
«Царах болх бан луучарна белхан меттигаш нисйан а, берашна дешаран аьтто бан а хьовсур ду вай», — хаийтира цо.
Иштта, Соьлжа-Гlалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькаман Кадырова Хадижатан дlадолорца дlахьочу «Нохчийчоьнан бераша — Палестинерчу берашна» акцин гурашкахь «Грозный Молл» туьшахь экскурси а йийр йу, церан самукъа а доккхуш.
Вуьшта, и бераш а, церан дай-наной а дlатарбийр бу Шелан кӀоштарчу Эвтарахь йолчу «Горный ключ» лагерехь.
Цул сов, хlокху деношкахь кхин а 100 сов мухlажар а схьакхочур ву вайн республике.