Кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу шен резиденцехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Парламентан Председательца Даудов Мохьмадца а, Нохчийчоьнан Парламентан депутаташца а. Иштта цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам а.
Цхьаьнакхетар дIадолош Р.Кадыровс билгалдаьккхира, регионан юкъараллин-политикин дахарехь парламенто йоккха меттиг дIалоцуш хилар.
– Нохчийчохь Iедал чIагIдарехь дуккха а къахьегна Абдурахманов Дукхувахас. Ша бакъволу патриот хиларе терра, шен тIаьххьара денош тIекхаччалц халкъан дуьхьа ваьхна иза. Вайн халкъ а, Iедал а цхьаъ хилар бахьана долуш, вайн белхашкахь баккхий кхиамаш бохуш схьадогIуш ду вай, – элира цо.
Шен къамелехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо депутаташна баркалла элира Парламентан Председатель Даудов Мохьмад харжарна.
– М.Даудовс республикин правительствехь а, администрацехь а алссам белхаш бина, зеделларг долуш ву. Иштта, бакъонаш ларъяран органашкахь белхаш беш а гайтина цо ша дика говзанча хилар. Шена тIебиллина муьлхха а болх дика беш схьавогIуш ву Нохчийчоьнан Парламентан спикер. Нохчийчохь а, иштта дозанал арахьа а боккха лерам бо цуьнан, – бохура Р.Кадыровс.
Регионан Куьйгалхочо ша тешна ву элира законодательни органо шен болх, жигара а боккхуш, кхидIа а дIахьуриг хиларх. Цо билгал ма-даккхара республикин куьйгаллин Iалашо ю халкъан дуьхьа къахьегар.
М.Даудовс шен рогIехь дIахаийтира депутаташ регионаца доьзна долу муьлхха а гIуллакх дан кийча хилар.
– Депутаташна дика евза шайн харжамхойн халонаш. Парламентан белхахой кийча бу уьш дIаяхарехь къахьега. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалбаьккхинчу новкъахь дийнахь а, буьйсанна а къахьега кийча ду тхо. Тхан балхана кхоьллина дика хьелаш а ду, – элира Нохчийчоьнан Парламентан спикера.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№ 77, шот, 11 июль, 2015 шо
