Бенойн БойсгӀаран цӀарахчу батальонна йеш керла туш йу Соьлжа-ГӀалахь

Бенойн БойсгӀаран цӀарах а йолуш, Къоман гвардин Къилбаседе-Кавказан округан кадечу Ӏалашонийн батальонна йеш керла туш йу Соьлжа-ГӀалахь.

Цигара белхаш а, церан дикалла а толлуш, туьшахь хилла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.

Цо билгал ма-даккхара, туш йаран белхаш жигара а, дика а дӀахьош бу.

Цул сов, батальонан бӀаьхой а бу шайн хаарш тӀедузарехь къахьоьгуш.

Туш йаран белхаш кеста дӀабоьрзур бу, оцу бӀаьхошна мел оьшуш долу хьелаш шен кертахь кхоьллина а долуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: