«АХМАТ» клуб толамхо йаьлла Континентан Дзюдохула йолчу лигин финалехь

Континентан Дзюдохула йолчу лигин финалехь толамхо йаьлла вайн махкара «АХМАТ» клуб.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, Москварчу спортан «Лужники» цӀийнехь дӀайаьхьначу оцу турнирехь дакъалоцуш 24 тоба йара — Россин субъектийн а, луларчу мехкийн а векалш.

Финалан жамӀаш иштта дӀанисделла:
1) «АХМАТ» (Нохчийн Республика);
2) «УРАЛ-ЗАПАДНАЯ СИБИРЬ» (Свердловскан область);
3) «СОРБИС» (Москва) а, «ЛОКОМОТИВ ГРИН-ХИЛЛ» (ГӀебартойн-Балкхаройчоь) а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: