
РФ-н гӀаролан министерствон долахь кхоьллина а йолуш, нохчийн бӀаьхойх лаьттачу а, «АХМАТ-Россия» а, «АХМАТ-Чечня» а цӀерашца йевзачу а 2 полкана машенаш а, зӀенан а, талламан (БПЛА) а гӀирсаш а дӀабелла.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дакъалаьцна оцу мехалчу гӀуллакхехь.
Цо билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу хьашташна лерина а йолуш, «Патриот» УАЗ-н буха тӀехь йолу 20 машен кхаьчна хӀора а полкана.
Царах цхьайерш тӀе герзаш хӀиттийна а йу.
Цул сов, Россин спецназан университетана а дина совгӀат — цуьнан хьашташна 2 автобус эцна.