
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон Некъан боламан кхерамзаллин пачхьалкхан автоинспекцин урхаллин хьашташна керла машенаш йелла.
Уьш дӀайаларехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, «Кхерамза, дика некъаш» проектан гурашкахь эцна йу HAVAL олуш йолу 33 машен.
Цул сов, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо а эцна G-классан 2 Mercedes.
Республикин Мехк-Дас тӀе тидам ма-бахийттара, керлачу машенех доккха гӀо-накъосталла хир ду Пачхьалкхан автоинспекцин белхахошна.