ГӀаззера рогӀера 116 стаг схьакхаьчна вайн республике

ГӀаззерчу тӀамна кӀелхьарбаьхначу Россин Федерацин бахархойн могӀарера а волуш, рогIера 116 стаг схьакхаьчна вайн махка. 61 бер а ду цаьрца.

Соьлжа-Гlалин вокзалехь уьш тlелоцуш, шайца Нохчийн Республикин Мехк-Ден гlоьнча, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зlенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а волуш, Ӏедалан а, динан а, чолхечу хьелийн гӀуллакхийн органийн а векалш бара.

Бераш а, церан дай-наной а дlатарбийр бу Шелан кlоштарчу Эвтарахь йолчу «Горный ключ» лагерехь.

Дагадоуьйту, хьалхуо, хlокху деношкахь, ГӀаззера 51 мухlажар а Нохчийчу кхаьчна хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: