Федерацин тӀегӀанерчу Р-215 некъан 16 км дáкъа тодина Шелковски кӀоштахь

Шелковски кӀоштахь тодина федерацин тӀегӀанерчу Р-215 некъан 16 км дáкъа.

И некъ «Аштаркхне — Кочубей — ГӀизлар — ХӀинжа-ГӀала» цӀарца а бевза.

ХӀинца, хӀора а агӀонехь шишша аса хиларал сов, кхерамзаллин Ӏалашонца бекъна а бу и некъ.

Машенашна лерина некъ тобина ца Ӏаш, гӀашлойн некъ а тобина цигахь, иштта, серлонан бӀогӀамаш а доьгӀна, автобусийн 6 социйла а, 2 светофор а хӀоттийна.

И белхаш дӀабахьар бахьана долуш, 13 эзар сов машен дӀасайахалур йу цигахь цхьана дийнахь.

Говзанчаша билгалдаккхарехь, оцу некъан кхидолу дáкъош шордаран белхаш дӀабахьа лерина бу 2024-чу а, 2025-чу а шерашкахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: